ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь химин герз лелийна хилар толлуш бу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн эксперташ


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн экспертийн тобано толлур ду, Шемахь химин герзаш лелийна я ца лелийна. Швецера химин герзийн эксперт волчу Селлстром Акес урхалла деш йолу тоба кIиран дийнахь Шеман коьртачу Димашкъа гIала яхана.

Кхаа меттигехь талламаш дагахь бу уьш. Алеппо-гIалина уллерчу эвлахь а цхьана. Говзанчаша шайн махка кхачале Шеман Арахьарчу ГIуллакхийн министран когаметто Мекдад Фейсала Ассошиэйтэд прессе аьлла, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацина массо кепара гIо дийр ду шаьш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Гергарчу Малхбалера векало Серрай Роберта аьллера Кхерамазаллин Кхеташоне, баханчу баттахь организаце 13 хаам кхаьчна, Шемахь химин герз лелоран хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG