ТIекхочийла долу линкаш

Германина хьаьхна нохчий


Германи - Мюнхен гIалахь нохчийн мухIажарш Оьрсийчу юхахьийсорна дуьхьал вовшах а кхетта, митинг дIахьуш бу нохчий а, меттигера немцой-жиграхой а, Зазадоккху-бутт, 2010

Германи - Мюнхен гIалахь нохчийн мухIажарш Оьрсийчу юхахьийсорна дуьхьал вовшах а кхетта, митинг дIахьуш бу нохчий а, меттигера немцой-жиграхой а, Зазадоккху-бутт, 2010

Кху деношкахь Iамеркерачу Къоман Кхерамазаллин Агенталло рогIера хаам баьржина, Германехь тIелатарш дан там бу радикалан исламхоша, аьлла. И коста, карарчу хенахь немцойн хаамийн гIирсаша Къилбаседа Кавказерчу Имарат Кавказ цхьанакхетараллин жигархой Германехь баьржаш бу боху артиклаш яржорца цхьанадеъна.

Iамеркахойн къайлахчу сервисаша Европерчу Iедалшка кхин цкъа а сема хила аьлла кхайкхина, террорхоша лелхийтарш даран кхерам хиларна. Ткъа цу юкъана немцойн хаамийн гIирсаша дIайолийна дийна цхьа кампани, Имарат Кавказан жигархой Германе сехьабуьйлуш бу, аьлла.

Немцойн хаамийн гIирсашкахь, дукхахьолехь Iедална гергарчу, кериста-демократийн мехаллаш йоькъучу, ткъа вуьшта аьлча, Баьццарчу партин а, Социал-демократийн а кхечу мехкашкара тIеоьхучу тховкIело лоьхучаьрга болу либерала хьежамаш ца боькъуш, мелхо а, хийранаш, къаьстина бусулба дин лелош болу хийранаш тIеэцар лахдан я саццане а сацон деза, аьлла хеташ долчу газеташкахь а, журналашкахь Нохчийчуьра мухIажарийн терахьаш Германехь дела денна алсам довлуш боху хаам баржарца нийса цхьаьна аьлча санна юьйлаелира Къилбаседа Кавказерчу Имарат Кавказан векалш а, жигархой а Германехь дебаш бу боху артиклаш.

Цу артиклашкахь, даима а аьлча санна, йоккхуш цIе а йоцуш, цхьана къайлахчу сервисашкарчу „анониман“ хьостанашна тIе а тевжаш даржадо, Имарат Кавказан жигархой, шаьш мухIажарш болуш санна кеп а лелош, Малхбузене, къаьсттина Германе схьаоьхуш бу, ямартлоне Iалашонашца, бохуш. Масала, немцойн „Дие Вельт“ газетано яздинера, „Имарат Кавказан куьйгалхой берриш аьлча санна дукха хан йоцуш Германе сехьа а бевлла, шайна тховкIело яларе ладоьгIуш Iаш бу“ , аьлла.

ЦIе ца яьккхинчу къайлахчу сервисан белхахочуо аьлла бохуш далош ду газетано, „ и нах кхузахь Кавказерчу тIемашна ахчанаш гулош а бу, тIемалой вовшахбетташ а бу“ боху дешнаш. Артиклан авторшна, гаррехь, дукха дика кхеташ ду, „анониман хьостано бохура“, аьлла, хIуъа шаьш зорбане даьккхича а, иза талла цхьанна а кадер доцийла. ХIунда аьлча, меттигерачу хаамийн гIирсийн низамца, журналист декхарийлахь вац шен хьоста схьаделла.

Цундела, сенсаци езаш болчарна а, кесталгIа махкахь дIабахьа леринчу харжамашкахь хийрачарех болу юкъараллерчу кхерамах а, шеконех а популистийн Iадатехь пайда эца луучу Iедалшна а вуно шен хенахь кхолладелла хьал ду Нохчийчуьра мухIажарш кху муьрехь Гемране тIетаттабалар.
Цу рогIера лара догIу иштта немцойн „Фокус“ журнало дукха хан йоцуш зорбане яьккхина, ткъа кхин болчу хаамийн гIирсаша оцу сохьта дIасабаржийна болу хаам.
„Нохчийн исламисташа мухIажарийн лагерехь мар-зудчунна къиза йиттина“ цIе йолчу шен артиклехь журналан редакцино яздо, немцойн АйзенхIюттенштадтерачу мухIажарш тIеэцаран лагерехь радикалан исламхойн хьежамаш болчу тобано цхьана нохчийн жимчу стагний, цуьнан хIусамнанний йиттина, бохуш. Бахьана, - „Фокус“ журнало дийцарехь, - мар-зудий „бусулба Iедалехь“ лелаш ца хилла, я вуьшта аьлча, зудчуо коьртахь хIума лелош ца хилла.

ХIора дашца базбеш, бусош язбинчу цу хаамехь хьахийна ду, итт нохчийн къомах волу радикалан исламхо гулахь тIе а беттабелла, цу шинна йиттина, и бахьана долуш жима зуда шен ванза волчу доьзалхочух яьлла, ткъа цуьнан хIусамда чевнашца лоьрийн цIа кхаьчча, бохуш.

Журналисташа тIетуьхийра иштта, тIелатар динчу радикалхойн баьчча „Имарат Кавказ“ тобанан декъашхо ву, мацах Бостонехь терроран тIелатарш дина хилла волу ши ваша, ЦарнаевгIар Тамерланий, Джохарий, санна, бохуш. Цу кепара, гуш ма-хиллара, хаамийн гIирсаша шайн ешархошна коьрта чу доьхкуш долу сарташ иштта ду: Германе схьаоьхуш болу нохчийн мухIажарш террорхой а, радикалхой а бу, Бостонехь лелхийтарш динарш схьабевллачура схьабевлла а бу.

Амма бакъдерг, аналисташа а, тешаша а дийцарехь, нийса бIостанехьара ду. АйзенхIюттенштадтехь и Iоттабаккхам ма-хилланехь, сихонца шеца цхьа могIа нохчийн жигархой а эцна, цу метте вахана хиллачех ву немцойн бакъонашларъярхо Маас Эккехард. Цуо дийцарехь, „Фокус“ журнало а, цунна тIетевжина кхечу немцойн хаамийн гIирсаша а яздинчунна аьттех а дац цу лагерехь хилларг.

Мелхо а, схьахетарехь, мелла а коьртана галваьлла волу цхьа нохчийн жимстаг, шен хIусамненаца цу лагерехь Iаш волу, массарна а коча оьхуш, томехь доцучу агIор мотт буьйцуш, агрессиве лелаш хилла. Ткъа кхин дIа болу лагерера нохчий цуьнга, мелхо а, иштта ма лелахьара хьо, нехан коча а ма эхахьара хьо, аьлла, цуьнца машаре а, маслаIате а къамел дан гIоьртина хилла. Ткъа цунна дуьхьал цуо оцу сохьта урс ирах а эккхийтина, латар долийна.

Эккехар Маас: „Цигахь цхьа къона нохчо хилла, шен зудчуьнца Iаш. И зуда мархин баттахь хеча лелош, кхечаьрца гаррехь гIиллакх доцуш лелла ца Iаш, и стаг а ша вуно питане лелаш хилла, массарна а тIечехаш, маьхьарш хьоькхуш.

Цундела нохчий цуьнга бистхила гIоьртина, хьажахь, хьо иштта цхьа жимма мукъане гIиллакхе хила мегар вацара теша, кхин хIуммаъ дацахь нохчо ма ву хьо, аьлла. ТIаккха цуо оцу сохьта урс хьалаэккхийтина хилла, уьш цигахь тIаккха летта. Ткъа жамIа- „Фокус“ журналехь араяьлла и артикал ю, цу лагерехь радикалан исламхой бу, цигахь шарIа дIахIоттон гIерташ, аьлла“.

Дуккхаъ шерашкахь вайнахаца а, кхечу Кавказерчу мухIажаршца а белхаш беш волчу Мааса чIагIдарехь, Имарат Кавказ я радикалан исламхой бохург аьттехь а дац цу девнехь, иза деккъа журналисташа шаьш шайгара кхоьллина хIума ду. Бакъду, боху адамийн бакъонашларярхочуо, мухIажарш Iаш болчу лагершкахь вуно чолхе хьал хиларна, цигарчу нехан нерваш а, синан могашалла а, собар а кхачадаларан зил тIе хIоьттина хиларна, ишттачу меттигашкахь нахана юккъехь девнаш дийлар, хала хеташ делахь а, нислуш хIума ду.

Маас Эккехард: „Халахеташ делахь, цу лагершкахь наг-нагахь дера девнаш дуьйлуш нисло, нохчий декъа а болуш. Мархин баттахь, масала, Кемницехь дар иштта цхьа дов, нохчийн, Iарбойн даьлла. Лазийнарш а бара цигахь. Цигахь тхан дика каделира и дов дерзон.

Ас элира нохчашка, шун къоман вуно хаза Iадаташ ма ду, дов дерзоран. Пайда эцийша тIаккха царех хIинца мукъане а. Харжа шайна юккъера бакхийха берш, я цхьа векал харжа, я кхеташо. ТIаккха изза де Iарбошка а ала. Цара ишта дан а дира. Цунах боккхал а пайда а белира. Дов дIа а дирзира“.

Маас Эккехарда а, кхин болчу тергамхоша билгалдоккху, Европе схьаоьхуш болу нохчийн мухIажарш кху муьрехь вуно сема хила безаш хилар, шаьш питанхошка а, зуламхошка Iеха ца дойтуш, я провокацешна юккъе ца озадойтуш, лардала дезар а.

ХIунда аьлча, цхьана агIор мухIажарийн карта шайн харжамашна кечам бечу муьрехь ловзон кийча болчу меттигерачу аьтто агIорчу ницкъаша а, вукху агIор, амма, мухIажарийн могIаршлахь къайлаха шайн питанаш лелош болчу оьрсийн а, кхечу а къайлахчу ницкъийн агенташа а муьлха а зулам долон сахьт дац, нохчийн мухIажарийн гIийлачу хьолах пайда а эцна.

И тайпа зуламаш ца хилийта Германерачу а, кхечу Европерачу а нохчийн мухIажаршна цхьа лераме воккхох я баккхийчийн тоба оьшура, цхьа верас я цхьа юкъаралла, диаспорин лерамечу векалех кхоьллина йолу. Амма ишттаниг Европехь карарчу хенахь йоцуш ю. Иза хIунда яц, я масех бIе эзар терахьца Европехь бехачу вайнахе иза иза кхолла ца яларан бахьанаш хIун ду - иза цхьана кхечу къамелан тема ю.
XS
SM
MD
LG