ТIекхочийла долу линкаш

Guardianе хIаллакдайтина Сноудена делла къайлаха документаш


Iамеркан къайлахчу сервисашна болх беш хиллачу Сноуден Эдварда, Guardian газетин белхахошка Iамеркан Iедалша электронан кехаташ а, документаш а доьшуш хиларх лаьцна делла къайлаха документаш хIаллакдайтина Британин Iедалша.

И аьлла хаам бина газетан коьрта редакторо Расбриджер Алана. Цо бахарехь, Сноудена елла информаци тIехь йолу дискаш хIаллакьдира, уллехь лаьтташ къайлахчу сервисан ши белхахо а волуш. Расбриджера билгалдаьккхира, Сноуденна еллачу информацина газето зорба тоьхчхьана дуьйна, Британин Iедалша шайна тIеIаткъам бина хилар.

ХIара бутт болалуш Сноуденна кIелхьарволийла елла Оьрсийчохь. Иза Цхьанатоьхначу штаташка дIавоьхуш ю Вошингтон, къайле гIараяккхарна цунна кхел йогIу, бохуш.
XS
SM
MD
LG