ТIекхочийла долу линкаш

ЭрдохIан: Израил ю Мисарера тIеман ницкъашка Мурси вохавайтинарг


Товбецан-беттан 3-чу дийнахь Мисаран президент Мурси Мухьаммед вохорна бехке Израил ю аьлла дIахьедар дина Туркойчоьнан премьер-министро Реджеп ЭрдохIана. Шен Нийсонан а, Кхиаран а партин декъашхошна хьалха вистхуьлуш ЭрдохIана элира, Израил ю Мисарера тIеман ницкъашка Мурси вохавайтинарг.

Цо тоьшалла далийра, 2011-чу шарахь Францера форумехь Израилан юстицин министро аьлла дешнаш: «Бусулба вежарийн» боламе Iедалан мукъ карахь латтлур бац, цара харжамашкахь толам баккхахь а, аьлла.
30 шарахь дуьххьара Мисарехь дIабаьхьначу харжамашкахь толам баьккхинера Мурси Мохьаммеда. Амма шо даьлча вохийра. Полициа хиллачу Iотта-баккхамехь велла «Бусулба вежарийн» 900 гергга агIонча.
XS
SM
MD
LG