ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн журналисто Ростов-гIаларчу кхеле кхойкхуш ву Кадыров Рамзан


Ростов-гIаларчу Ленин-кIоштан кхелехь ладогIа болийна Ростоверчу журналисто Михайлов Евгенийс бина латкъам. Дукха хан йоццуш Нохчийчура омбудсмено Нухажиев Нурдис иза бехке винера, цо доцург дийцарна а, къаьмнашна юкъа питана тийсарна а. Михайловс Кадыров Рамзанан дешнаш далийнера, цо шен "16 долуш ша дуьххьара гIазакхи вийна" бохуш долу.

Кхелан хьалхарчу ладегIаршкахь цо а, цуьнан адвокаташа а кхеле кхайкхина ша Кадыров Рамзан. Федералан кхелахочо Алешина Еленас къобалдина иза. РогIера кхелан кхеташо Гезгмашин беттан 13-чу дийнахь хир йолуш ю.
XS
SM
MD
LG