ТIекхочийла долу линкаш

Асадан эскарша Димашкъан йистошкахь химин герз лелийна хилар талла кхайкхина Британино а, Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигано а


Британино а, Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигано а Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн инспекторшка кхайкхам бина, Шемарчу оппозицино чIагIдеш ма хиллара, Iедалан эскарша химин герз лелийначу кIошташка хьажа гIо, аьлла.

Шен агIора, Шеман оппозицино кхайкхам бина, сихонца Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Кхерамазаллин Кхеташо вовшахтоха а, аьлла. Оппозицино чIагIдарехь, Димашкъан малхбалехьа йолчу йистошка Iедалан эскарша дIавьше газ йолу ракеташ йиттинчул тIаьхьа велла, мел лаххара а 650 стаг. Амма Шеман Iедалша керстадо иза.

Шеман пачхьалкхан телевизионо Шеман Iедалан дешнаш далийра, оппозицин Цхьанакхеттачу Къаьмнийн мисси шен гIуллакхана юкъахъяккха гIерташ ю. Карарчу хенахь уьш, хIокху шеран Зазадоккху-беттан 19-чу дийнахь гIаттамхоша Хан-аль-Асалехь химин герз лелор толлуш бу.
Ткъе итт бутт гергга хенахь Шемахь дIабоьдучу тIамехь велла 100 сов стаг.
XS
SM
MD
LG