ТIекхочийла долу линкаш

КъахIирерчу кхело мукъавалийтина Мубарак Хьосни


Мисарерчу телевизионо хаам бина, КъахIирерчу кхело тахана бинчу сацамца а догIуш, 30 шарахь Мисаран президент а лаьттинчул тIаьхьа чувоьллина хилла волу Мубарак Хьосни мукъавоккхуш ву. Дийцарехь, цунна тIехь хилла, кхаьънаш эцарца боьзна бехк дIабоккхуш сацам бина кхело. И бахьанехь Тора набахтехь латтош вара. Делахь а, билггал хууш дац, иза эццехь дIахецний.

85 шо долу Мубарак Iедална дуьхьала вовшахтоьхна хиллачу митингийн декъашхой байарх хьакхавелла ву-вац боху гIуллакх, юхаталла хьажийна. И процесс йоьдуш арахь Iен бакъо елла цунна кхело.

30 шарахь Мисаран коьртехь Iийначул тIаьхьа 2011-чу шеран Чиллан-баттахь президентан даржера дIаваьллера, шен реза боцу мисархой урамашка, майданашка а арабевлча.
XS
SM
MD
LG