ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев Джовхаран гIуллакхерчу 13 документана тIера къайле дIаяьккхина прокуроран сацамца


Iамеркера федералан кхелахочо О’Тул омар делла Бостонера марафонехь бомба эккхийтарна бехке вечу Царнаев Джовхаран гIуллакхерчу 13 документана тIера къайле дIаяккха. Оццу дийнахь, кхелахо-магистрат Боулер Мэриэн реза хилира, прокуроро Царнаевгахьа къуьйсучу адвокаташка дала декхар болу, талламан дукхах долу документашна тIе къайле йилла.

Кхелахочо О’Тула хааме даьхначу документах уггар дийцаре деш дерг ду, Царнаевана йинчу чевнашна дина хьесап тIехь дерг ду.
Оханан-беттан 19-чу дийнахь лаьцна вара Царнаев Джовхар, иза лаца арабевллачу ницкъаша, Джовхар дIалечкъина хиллачу катеран тIерчу пластикан телатана герзашца Iуьргаш даьхначул тIаьхьа. Цуьнан воккхах волу ваша Тамерлан полицино вийна ву.

Бостонерчу "Бет Израэль" дарбан-хIусамехь лоьро Одом Стивен Рэйс яздинера, Джовхаран шортта чевнаш ю герзаша йина. Уггар еза чов, цуьнан аьрро мочхалах кхетта, багахула чекхбаьллачу патармо йинарг ю. И бахьанехь туьта а, лерг а, букъан даьIахкан агIо а лазийна ю. Цул сов, когех, кьугех а кхеттачу герзаша а йина чевнаш.
Сиха кхехкхачу шина яй чу йоьллинчу бомбанаша кхо стаг вийнера, 260-нна чевнаш йинера, хIокху шеран Оханан-беттан 15-чу дийнахь Бостонехь дIаяьхьначу марафонехь.
Царнаев Джовхарна тIехь кхел йийр долу къастийна дац. Кхел йолаялале долу цхьа моггIа ладегIарш хир ду. Царах хьалхарниг Гезгмашин беттан 23-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG