ТIекхочийла долу линкаш

"Ненан капиталана" йист ца яьккхина оьрсийн Iедало


Оьрсийн премьер-министро Медведев Дмитрийс дIахьедар дина, ненан капитал далар сацоран я кхин дIа а яхъяран хьокъехь болу сацам хIинца а банза бу.

Тахана Iедалан кхеташонехь вистхуьлуш цо дагадаийтира, 2006-чу шарахь и программа йолаелла хилар а, низамца а догIуш, 2016-чу шарахь ерзош хилар а.

Медеведвс бахарехь, цо боккъалла а тодина Оьрсийчура демографин хьал. Хьалхо дуьйцуш дара, Финансийн министралло ойла кховдийнера, ахча кхоон Iалашонца, пенсеш лакхадахар сацон а, ненан капитал даларан программа сацон а хьокъехь.

Цу урхаллин хьесапехь, 330 миллиард сом ахча Iедална дуьсур ду, и ойла чекхяккхахь.
XS
SM
MD
LG