ТIекхочийла долу линкаш

Бале ваьлларг цхьаъ велахь а, бехдийриг дерриг къам ду


Полша -- Дуьненан Нохчийн Конгресс дIайолалуш, Нохчийн а, Европин а байракхаш ю хьешацIа су хьош. Пултуск, 16Гезг2010

Полша -- Дуьненан Нохчийн Конгресс дIайолалуш, Нохчийн а, Европин а байракхаш ю хьешацIа су хьош. Пултуск, 16Гезг2010

Маршо радионо хIокху кIиранахь дийцаре диллинчу хаттарна ладогIархоша делла жоьпаш. Стенца доьзна ду аьлла хета шуна, Европехь тхов-кIело лаха оьхучу нохчех лаьцна немцойн хамийн гIирсаша вуочу агIра яздар а, уьш террораца буоза лаар а? – бохуш дара тхан хаттар.


Дукхах болчу жоьпаш деллачарна хетарехь, шаьш нохчийн мухIажарша бахьана ло немцойн я кхечу а журналисташна. БIе эзарна юкъахь цхьаммо гIалат далийтича я зулам дича, дерриг къам дуьйцу хаамийн гIирсашкахь. Iумара элира.

Iумар


Зайнап тешна ю, Европехь тхов-кIело лохурш, дукхах берш, ца бевлла Европе дIабахана хиларх. Цунна тоьшалла далош, цо дийцира.

Зайнап



Европе баха охьахевшинчу нохчийн юкъара диаспора хила езара, бале бовлуш болу нах сацон, аьлла хеташ ву Аслахан.

Аслахан



Шайн низамаш ца дохош, зуламаш ца дичхьана, Европера Iедал эрна коча догIур дац аьлла хеташ Лариса.

Лариса



Сулеймана бахарехь, диц дан ца деза, оьрсийн леррина сервисаш а нохчийн цIе вуочу агIра йоккхуьйтучехь доккха дакъа лоцуш хилар.

XS
SM
MD
LG