ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Димашкъан йистошка герзаш детташ ду Шеман эскар


Шеман эскаро хIинца а бомбанаш етташ ю Димашкъана йистошка. Оппозицино чIагIдарехь, кхаарин дийнахь цига дIаьвше герз диттина Iедалан эскарша.
Асад Башаран дуьхьалончаша бахарехь, химин дIавьше герзах беллачерийн терахь цхьа бIе шовзткъанна тIера цхьа эзар кхаа бIена тIекхаччалц ду.
Британехь туп тоьхначу Шеман адамийн бакъонийн центран хьесапехь, Димашкъана малхбалехьа йолчу кIошташкахь юха а минаш а, ракеташ а еттар карладаьккхина.

Президента Асада а, цуьнан Iедало а керстадина, шаьш химийн герз лелийна хилар.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно гIортор йина, Шемахь сиха а, цхьаннех бозуш а боцу таллам дIабахьарца йоьзначу ойланна. Амма билгал ца даьккхина, хIинцале Шемахь химин герз лелор толлуш болчу инспекторша дан дезий.

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Давутоглу Ахмета аьлла, Шемара хьал Iаламат ирделла. Цо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташо емалъйина, цуьнга Димашкъана дуьхьал санкцеш ца яхаяларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG