ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъаралла тешна ю Димашкъана йистехь дIаьвше газ лелийнарг Асад Башаран эскарш хиларх


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака пIераскан дийнахь CNN телевизионан компанина ша еллачу интервьюхь аьлла, Шемахь химин атака хилар бакъ хилахь, оцу хьоло «Iамеркан тидам тIеозор бу».

Британино бахарехь, иза тешна ю, Димашкъина йистехь кхаарин дийнахь дIаьвше газ лелийнарг Шеман президентана Асад Башарна муьтIахь долу эскарш хиларх. Британин арахьарчу гIуллакхийн министро ХIейг Вильяма элира, «гарехь, Асадан режиман лачкъийна хIума долчух тера ду». Оьрсийчоьно кхайкхам бина и гIуллакх талла деза, аьлла.

Оцу юкъанна, Шеман Iедало керстадо ша газан атакина жоьпаллехь хилар.
Iамеркин а, Оьрсийчоьнан а арахьарчу гIуллакхийн хьукхматийн лаккхара векалш ХIаагехь цхьанакхетар бу Шемара хьал дийца хIокху беттан 28-чу дийнахь.

«Женева-2» цIе йолчу Шемахула вовшахтухучу дуьненаюкъара конференцина кечаман дакъа хир ду и цхьаьнакхетар. Цу конференцехь дакъа лоцур ду Кхерамазаллин Кхеташонан декъашхоша а, Шеман лулахоша-пачхьалкхаша а.
XS
SM
MD
LG