ТIекхочийла долу линкаш

Кхерамечу тIегIанал а дистина деана Хабаровскехь Амур-хи


Хабаровскера Амур-хи дистина ворхI метр 16 сантиметрна тIекхаччалц. Дийнахь-бусий 14 сантиметр тIекхетта. Хаддаза оьхьучу догIанаша чолхе даьккхина цигара хьал. Гидрологийн хьесапехь, 8 метрана тIекхача там бу Амуран тIегIа. Ткъа иза, кхерамечу тIегIанал а ши метр лекха ду.

Хи тIедалар бахьанехь, Хабаровскехь еарин дийнахь нах арабаьхнера 11-тта тIекIелъйинчу хIусамашкара. Эзарнаш нах кIелхьарбаьхна. Хи жим-жима охьахуучу Амур-кIоштара эзар сов цIа чохь Iиэн мегар доцуш лерина. 50 эзарне кхаьчна Оьрсийчоьнан Генарчу Малхбалехь дистинчу хиш зе динчу бахархойн терахь.
XS
SM
MD
LG