ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан тIеман ницкъаш дIабахча хьан Iамор бу овхIанхойн эскархой?


2014-гIа шо чекхдаьллачул тIаьхьа ОвхIан-пачхьалкхехь Iамеркан тIеман ницкъаш бисаран билламех лаьцна тIеман барт язбан цхьа а сихо ца го шен пачхьалкхана аьлла тахана Кабулехь вистхуьлуш, овхIанхойн президента Карзай Хьамида.
Мангал-баттахь Карзайс Вошингтонца долу тIеман цхьанабелхан дагадовларш совцийнера, Iамерко а, Пакистано а Кхатарехь тIалибийн векалалла схьаеллар къобалдича.

Баханчу Товбецан баттахь ОвхIан-пачхьалкхехь Цхьанатоьхначу Штатийн штабийн хьакамийн цхьанатоьхначу комитетийн гIантдас Демпси Мартина шен дегайовхо йовзийтинера, Карзай президентан хан чекхйолу ГIадужу бутт тIекхачале и барт чIагIбина хир бу аьлла.

Демпсис варе динера, и барт язбина ца хилахь, ОвхIан пачхьалкхера эскархой Iамон хьехамчаш, инструкторш а ца буьтуш дIабаха дезар ду Iамеркан тIеманхой, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG