ТIекхочийла долу линкаш

Хьасан Нидалана вен кхел кхайкхон мега Iамеркан тIеман кхело


Iамеркера лор-психиатр волу Хьасан Нидаль Техас штатера Форт-ХIудехь йолчу тIеман базехь 13 стаг верна а, кхин 32-тта белхан накъостана чевнаш ярна а бехке лерина Iамеркан тIеман бехк-къасторхойн кхело. Цунна вен кхел кхайкхон там бу.
Адвокат ца лоцуш, ша шех къовсуш ву Хьасан.

2009-чу шарахь ша тIелатар дина хиларна къера хиллачу Хьасан аьлла, шена низам дохош хетачу тIаме Iамеркан эскархой хьовсорна дуьхьало еш вара, ша.

Цо Iамерка бехке йина ОвхIан-пачхьалкхехь а, Иракъехь а Iамерко бусулба нахана дуьхьал тIом баккхарна.
XS
SM
MD
LG