ТIекхочийла долу линкаш

Харжамийн моттаргIанаша са кхачийна!


Нохчийчура парламентан гlишло, Соьлж-гlала

Нохчийчура парламентан гlишло, Соьлж-гlала

Парламентан харжамаш хир болуш бу кеста Нохчийчохь. Аьлча а, Москохана муьтIахь Нохчийчура Iедало шайн нах ховшор бу Соьлж-гIаларчу низамашкховдорхойн гIишлонна чу. Делахь а, бахархой жигара лела сурт кхолла меттигерчу Iедалшна.

Оьрсийчохь муьлххачу а тIегIанахь дIахьуш болу харжамаш цхьа нийсонах а.бакъонах а кхардар санна тIеоьцу цхьаболчу бахархоша Нохчийчохь.

Ши кIира даьлча Нохчийчохь хинболчу парламентан харжамашна тIехьажийна цхьа тIех дика болх беш йолу чарх-мотор санна,бахархойн политикан кхетаман доза шордеш, тIегIа лакхадоккхуш,уьш самоне боьхуш,шайн сирла кхане харжа диц мА лолаш,массо цхьаъ санна кхаьжнаш тийса арадовлалаш бохуш,юкъараллехь цIе яьлча санна кхето-кхиоран болх дIахьуш масса хьийзаш ю массо тайпа министараллаш а,Iедалдай а,хIнцалерчу парламентан декъашхой а.кхиберш а.Партал,бала цакхачаран йийсарехь болу шен умматан вежарий ир-кара хIиттош,кхаьжнаш тийсийта церан синкхетам самсабоккхуш «кIамбеш», гилгаш дохуш ,яйдакх говр хоьхкучу беречух тера,каде хьийзаш ю ур-аттал динан урхалла а. Муфтиятан белхоша –молланаша а,къеданаша а,дуьххьал дIа цуьнан аьллар-лаамца лерамечу къаноша а цхьа рузбанан де я кхин гулам цхьаьнакхетар тIех ца долуьйту, бахархой кхаж таса жигаралле ца боьхуш.Дуьххьал дIадинан дайша магош дац цу политикан кампанехь дакъа ца а лоцуш кIадо а йина цIахь Iар.

ТIебогIу парламентан харжамаш бахьнехь,муфтият биста кхаччалц,ишта я вуьшта Iедалца боза мел беллачара маьIне лоруш гIортор йийриг цхьаъ ду—кхаьжнаш хьанна тасахь а,массо цхьаъ санна харжамийн таппашка вахна шайн аьзнаш тускар чу кхиссар.Аьлчи а Iедалхоша коьртачех коьрта лорург ду адам кхаж таса арадалар.

Нийсо-бакъо ларьеш, низаман хIоршахь дIайоьдуш лорий бахархоша Оьрсийчохь тергаллуш йолу бен -бен политикан кампанеш? Муха мах хадабо,муха кхетабо махкара хьал дика девзаш болчара,тIебогIу парламентан харжамаш?Цу а.кхечу а хеттаршна жоьпаш каро сан дикка къамелаш хилла цхьа могIа бахархошча. Ма-дарра аьлчи цхьаболчу тергамхоша цхьа бозбуанчалла,жуккаралла санна туьду,нехан лаам болчуха Оьрсийчохь муьлххачу а харжамийн хьокъехь Iорадоху терахьаш.Мел дегайовхо ю хьан тIебогIу парламентан харжамаш ,низаман бух тIехь, нехан бакъ лаам чекх а болуш дIабоьрзур бу аьлла деллачу хаттарна ишта жоп хазийра.Соьлжа-гIалин кIоштан вахархочо,ас юьззина цIе ца йоккхуш вуьтучу Яхьяс.

Соьца тIебогIучу парламентан харжамийн хьокъехь а,Оьрсийчохь а,Нохчийчохь а тергаллучу хьолах а къамел деш волчу Соьлжа-гIалин кIоштерчу тергамхочунна Яхьяна хетарехь,хIинцалерчу Iедалний,цуьнан векалшна-хьаькамашний юкъаххьий,халкъана юкъаххьий кхоллалуш йоккха херо хилла ца Iаш цхьа дотIана ду.Цуьнан гайтам лору Яхьяс цхьа юккъерчу тIегIан хьаькамна тIекхача а Нохчийчохь,шо-шаре мел долу вуно халонга долуш хилар.

Соьца къамел деш волчу тергамхочо Яхьяс чIагIдарехь пачхьалкхехь барт-машар,иман хилча шайна хьовзам-хIуьттаре хуьлуш санна урхалла деш бу тахана Орьсийчоьнан куьйгалхой.

КарабогIучу гезган машин беттан 8-чу дийнахь хинболчу харжамийн хьокъехь шеен дог-ойла йовзийтина Яхья санна хьажам берш кхучарех вуно дукха бу аьлла чIагIам бан йиш яцахь а ала ду –тергамаша мА гайттара уьш хIумма а кIезга а бац.
XS
SM
MD
LG