ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телефонан талорхой


Мобилан телефон, гайтаран маьIнехь
Мобилан телефон, гайтаран маьIнехь

Нохчийчохь лелочу бозбуунчаллашна тIекхетта кхин цхьаъ. Iуьйкъана хенахь телефон тухий, герганчунна сихха ахчан хьашто йолу кеп хIоттайой, кхералучуьнгара хIонц кхочу телефонан талорхошна.

Дахаран хьелаш кхиаме мел хуьлу, царах пайда, могIарерачу наха эцна а ца Iаш, зуламхоша а шай карадерзадо уьш. Адамийн уггаре а дикачух лоруш йолу амалийн агIонаш йохьар а лоций, уьш лебан бозбунчалхой лелаш, гарехь хIара дуьне кхоьллинчу дуьйна бу. Ткъа, тахана, керла техникехула леладо цара иза. ХIинцалца дацара цу тайпа зуламаш, амма, тахана уьш Нохчийчу а кхаьчна.

Телефона чухулла бозбунчаллийца нахера ахча даккхара цкъа а хилла хIума дацара махкахь. Ткъа, тахана иза кхуза а кхаьчна. Дукха хан йоцуш, цу тайпа хIума хилла Зеламха цIе йолчу жимчу стагца. Доьхург кIезга ахча а ца хилла. Тоьхнарг кхуьнан шича ву бохуш а хилла.

Зеламха: «Цхьа ши бут хьалха, уьйрана диолгIа сахьт доладелча, телеофн туьхира цхьаммо. 923 ян 926 код яра. Салам а делла, хIун деш ву хьо, аьлла хаьттира. Ша дерг хаьттира, даиманна тхойшиъ цхьан лелча санна.

Со а доьхьала вистхилира. Хьоьга телефон туьйхири вачара, аьлла хаьттира цо. Хьо мила ву, доьхьала ас элира. Хьан шича Мохьмад ву ша элира цо. Гаьрмчигара верг вуй хьо? ХIаъ,аьлла жоп делира цо. Ша каравахна Iедална, машенах мелла а волуш. 48 эзар сом ахча доьхуш ду шега, иза хилахь гIуллакх дIадерзадо элира цо. Церан номер тIера етташ ву ша бохура цо».

Шега телефон чухула ахча доьхуш хиларх шеек ваьлчу Зеламхас, оцу хьолехь уггаре а нийса дерг дина. Хуьлучуьнна ойла ярхьам, цо, ша дIа юхатухура ю аьлла дIаейина телефон. Амма, шена билгала ша Iехош вуй хиъча, царна хIилла лело волавелла иза.

Зеламха: «Шичас телефон тоьхча, иза охьакхосса тамехь а ца хетта, ас дIатухура ю аьлла вахьйиллира телефон. Цуьнана шичийга хаьттира ас, Мохьмад цIахь вуй теша, соьга телефон етташ ма ву иза аьлла. дIавала, хабар ду хьуна, бакъ дац хьуна иза, элира цо.

Сингаттам бу-кх, хьан шича чувоьллиина бохург, цундела церан дог датIорхьам, 2-3 сахьтехь лебина ас уьш: хIинца дIавоьдуш ву, ахча тIедоккхуш ву бохуш. Билгал хаийта сайна, со иттолгIачу гIат тIера вахьвоссалуш вац, элира ас. Мегаш ду хьуна, вахь а воссий, сихха тIедаккхахь и ахча, бохура вукхо.

Сан шичина хууш ма ду, со юьртахь вехаш вуйла. И номер теллича, къаьстира иза мультифон олучу программехула Нохчийчуьра тоьхна юьйла. Ткъа, ша телефонан номер Питерера ду.

Мегафонехь хаьттича, цара, Ленинан кIоштехь, I7-I8 уза цу тайпа хIума дина бохура.Со леварх церан гIуллакх ца хилла, амма, вокхачуьнна тIе нислахь, кIант я кIента кIант дIалаьцна аьлча, Iехавала а там бу.ХIинцалца цу тайпа хIумш кхечу регионашкахь бен дацара, амма, иза кхуза вайна а схьакхаьчна-кх».

Бозбунчаллаш Нохчийчохь, хийлуза лелош ду, амма, Iедалша нахаца лелош дерг йохьарлаьцча, уьш берийн ловзарш ду. ХIокху деношкахь, Оьрсийчохь дийца долийна, нанойн капитал олуш долу сертификаташ юккъера даха мега аьлла. Иза дан мегаш ду, пачхьалкхехь ахча тоьуш ца хиларца. Дукхачу нахана тешнабехк хуьлу цуьнах нагахъь санна и сацам тIеэцахь. Амма, иза кхечу материалан тема ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG