ТIекхочийла долу линкаш

Украинан Iедалшка ойла яре кхуьйкху Оьрсийчоьнан премьер-министро


Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий Москохана уллехь йолчу Горки олучу Iедалан резиденцехь цхьаьнакхетта Украинан Iедалан куьйгалхочуьнца Азаров Николайца. Медведевна хетарехь, Украинин делегацино дуста деза Украина Евробертах дIакхетта декъашхо хилахь хин дерг а, иза Евразин экономикан бертана а, таможнин бертана а юкъайодахь хин дерг а.

Хьалхо Украинан президенто Янукович Виктора дIахьедар динера, Евробертах дIакхетаро г1о дийр ду шайн махкана кхузаманахьлера Европан пачхьалкх хила аьлла. Евроинтерграци юьхьарлаьцна йолу Украина дагахь ю, кху шеран Лахьан-баттахь Вильнюсехь хир йолчу «Малхбалера партнераш» цIе йолчу саммитехь Евробертаца ассоциаци йон барт тIеэца. Цу бертан цхьа дакъа ду маьршша йохка-эцаран зона кхоллар.

Хьалхо Оьрсийчоьно шайца а, Белорусица а, Казахстанца а таможнин барт баре кхайкхинера Украина. Амма Киев дIоггара дог айъа делла яц и бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG