ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь вийна республикан кхерамазаллин кхеташонан секретар Котиев


ГIалгIайчохь, Лахара Ачалуки эвлан йистехь герзаш диттина республикан кхерамазаллин кхеташонан секретар Котиев Ахьмад чохь волчу машенна. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, иза хилла тахана Iуьйранна 7 сахьт 40 минот яьлча. Котиев велла шена хиллачу чевнех. Иштта вийна цуьнан машенна урхалла деш хилла стаг а.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьедар дина, Котиев Ахьмад вер бахьана ду цо тIемалой цIаберзош беш хилла болх. ТIелатар динарш лаха меттигерчу талламан комитетан белхахошна гIо дан Москохара тоба новкъа яьлла ГIалгIайчу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG