Iамеркан тIеман ницкъаш Шеманна тохарш дан кийча бу, нагахь президенто Обама Барака цу кепара омра дахь аьлла, дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро ХIейгел Чака. Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона дIахьедар дина Шемахь дIаьвше герз лелоран тоьшаллаш ду шайгахь аьлла. Оьшуш меттиг хилахь Шемахь тIеман акци дIаяхьа кечлуш ю Британи а.
Шемара хаьл бахьана долуш, шен садаIар юкъах а даьккхина, Лондоне цIавирзина Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид. Италин арахьарчу гIуллакхийн министро Бонино Эммас дIахьедар дина, муьлхха а Шемана дийра долу тIеман тохарш дан деза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин кхеташоно пурба а делла аьлла.
Шеман арахьарчу гIуллакхийн министро Муаллем ВахIида дIахьедар дина, Малхбузера пачхьалкхаш шайн махкарчу конфликтана юкъагIортар пайдехьа доьрзур ду Ал-Кхайдица йоьзначу тобанашна аьлла.