ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чела-эвлахь маьждиган мимар йохор ца лайна Гуьржийчура бусулбанаша


Гуьржийчохь маьждиган мимар дIаяккха гIортар бахьана долуш къепедацарш ду дIадоьлхуш Адиген-кIоштахь. Берриг а махкара бIенаш бусулба гуьржий бу Тбилисехь гуллуш, шаьш реза ца хилар Iедалшна дIагайта. Цара иштта доьхург ду лерринчу полицин дакъошца тасадаларш хилча дIалаьцна болу Адигенера бахархой дIахецар.

Маршо Радион корреспонденто Кобаладзе Георгийс бинчу хаамца, Гуьржийчоьнан Iедалша сацам бина Чела олучу эвлахь долчу маьждиган мимар йохо, меттигерчу кериста нехан дехарца. Цу гIуллакхо эргIад бахийтина бу бусулба гуьржий.

Оршотан дийнахь маьждиган мимар йохорна дуьхьал бевлла аьлла лецна болу шайн накъостий меттигерчу полицин декъера маьрша баха гIоьртинера бусулбанаш. Цаьрна дуьхьал девллера полицин леррина дакъош. Цара дIалаьцна 20 сов стаг. Iедалан векалша чIагIдарехь, маьждиган мимар йохийна «цуьнан мах хадо».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG