ТIекхочийла долу линкаш

Нефтянкехь тIемало лоьхуш ю Нохчийчура полицин а, эскаран а тобанаш


Нохчийчохь Ведана кIоштахь тIемалой лоьхуш бу республикера тIеман а, полицин а ницкъаш. Цара карарчу хенахь гоне лаьцна ю Нефтянка олучу кIотарна гонах йолу хьаннаш. Цу меттехь тIематасдалар хилар бахьана долуш чевнаш хилла ву цхьа полицин белхахо.

КIотарна генадоцуш полицин белхахошна гучуяьлла хилла тIемалоша шайна кечйина меттиг. Цигахь хиллачу цхьана стагаца тIом бина Iедалан ницкъаша. Герзаш а детташ къайлаваьлла и стаг.
XS
SM
MD
LG