ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимбековна бакъо ца елла Азербайджанан президентан харжамашкахь дакъалаца



Азербайджанан харжамийн комиссино регистраци ца йина цу мехкан президентан харжамашкахь оппозицин ницкъийн цIарах дакъалаца дагахь хиллачу Ибрагимбеков Рустамана. Цуьнан бахьана ду Ибрагимбеков шалха махкалла долуш хилар. Азербайджанан паспорт хилла ца Iаш цуьнан ду Оьрсийчоьнан паспорт а.

74 шо долу Ибрагимбеков Рустам кинодраматург ву. Дуккха а шераш ду иза Москох вехаш волу. ПIераскана дийнахь Азербайджанан Къоман кхеташоно Алиев Ильхамца президентан дарж къовса хьалхтеттира алтернативан кандидат 69 шо долу историк парламентан депутат хилла Гасанлы Джамил. Азербайджанехь президентан харжамаш хир бу ГIадужу-беттан 9-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG