ТIекхочийла долу линкаш

Бакъонашларъярхойх "агенташ" бахарна дуьхьал ю Оьрсийчоьнан президентан кхеташо


Оьрсийчоьнан президентан Iуналлерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташоно хийцамаш кечбина Iедалех йозуш йоцучу организацех лаьцна долчу низаман тIехь. «Известия» газето яздарехь, цу кхеташонан декъашхошна хетарехь, цу низамна юкъара дIабаккха безаш бу «кхечу пачхьалкхийн агент» олу кхетам, хIунда аьлча цу тIехь кхоччуш билгалдаьккхина дац «кхечу пачхьалкхера ахчанан хьост» а, «политикан жигаралла» а бохург хIун ду аьлла.

Стохка Лахьан-баттахь Оьрсийчохь тIеэцначу низамца а догIуш, муьлхха а кхечу пачхьалкхо гIо деш йолчу Iедалех йоьзна йоцучу политика лелочу организацино регистраци ян езаш ю ша кхечу пачхьалкхан агент ю аьлла. Шаьш кечбина хийцамаш президенте Путин Владимире дIакховдо дагахь бу цу проектан авторш тIебогIу, Гезгмашин-бутт болалуш.
XS
SM
MD
LG