ТIекхочийла долу линкаш

50 шо кхаьчна Кинга Вашитонехь «Сан сатийсам бу» къамел дина


«Вашингтоне марш» олу хилам хилла 50 шо кхачар даздеш ду Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. 1963-чу шарахь Марсхьокху-беттан 28-чу дийнахь, 300 эзар стага дакъа а лоцуш, акци хилира Вашингтонехь адамийн бакъонаш ларъярна хьажийна йолу.

Цигахь, 50 шо хьалха, махкахойн бакъонаш ларъярехьа болчу боламан лидеро Кинг Мартин Лютера «Сан сатийсам бу» цIе йолу къамел дира Линкольн Аврааман хIолламан терхеш тIехь.

Цу къамело хийцина ларалуш ю Iамеркан тайп-тайпана бос болчу нехан юкъаметтигийн истори. Оццу меттехь тахана къамел дан дагахь ву Iамеркан президент Обама Барак а. Цу хиламехь дакъалоцур ду Iамеркан хилла болчу президенташа Картер Джиммис а, Клинтон Билла а.
XS
SM
MD
LG