ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу инспекторшна хан еза боху Бан Ки Муна


Шемахь болчу дуьненаюкъарчу инспекторшна болх чекхбаккха хан яла еза аьлла д1ахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарлан секретаро Бан Ки Муна. Хьалхо цу организацин тергамхой хилира гIаттамхоша Асадан ницкъаша, дуккха а адамаш а дойуш, кху беттан 21-чу дийнахь дIаьвше грз лелийна бохучу Димашкъан цхьана кIоштахь.

Гергарчу хенахь Шеман президентан Асад Башаран Iедал цу бахьаница емал деш йолу резолюци кховдо дагахь ю Британи Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин кхеташоне. Цунах лаьцна хаам бина Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида. Цу документо бакъо лур ю дуьненаюкъараллана Шемахь маьрша бахархой ларбан оьшург дан. Шемана гонах хIоьттинчу хьолах лаьцна материал хир ю кху программехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG