ТIекхочийла долу линкаш

Шайн махкахой маьршабахар доьху ТехIране Вашингтоно


Шайн ши махкахо маьрша ваккхар а, кхин цхьаъ схьалахар а дехна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа ТехIране. Цу хьокъехь Iамеркан Пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарна тIехь аьлла ду, Вашингтоно «ларам хиларца» гIо доьху керлачу ГIажарийчоьнан президенте РоухIани Хьасане аьлла.

Хаамийн агенталлаш дагадоуьйту, хьалха ГIажарийчоьнан хиллачу президенте Ахьмадинежад Махьмуде цу кепара дехар деш Вашингтоно мелла а морса дешнаш лелийна хилар.

Iамеркан эскархо Хекмати Амир лецира ГIажарийчоьнан Iедалша Марсхьокху-баттахь, 2011-чу шарахь, талламан сервисан агент ву аьлла. Абедини СаьIид лецира стохка Гезгмашин-баттахь, цуьнан динах лаьцна йолу ойланаш бахьана долуш. Левинсон Роберт лар йоцуш вайна 2007-чу шарахь Зазадоккху-беттахь ГIажарийчоьнан Киш олучу гIайри тIехь.
XS
SM
MD
LG