ТIекхочийла долу линкаш

Лаххара а 15 эскархо вийна тIалибаша ОвхIанистанехь


ОвхIанистанан къоман гвардин 15-тта эскархо вийна цу махкахь тIалибашца хиллачу тIематасдаларехь. Кхин а 10 чевнаш йина ву. Байина нах бу тIалибашна юкъахь а. Фарах-провинцин администрацин векло Жавандаи Iабдул Рахьамана Маршо Радионе бинчу хаамца, Бала-Балук олучу меттехь кхерамазалла латтош болчу полицин белхахошна тIелатар дина Кхаарин сарахь тIалибийн тобано.

Байинчарна юкъахь ву полицин тобан хьаьким Хан Аман. Цу тасадаларехь йохийна масийтта тIеман машен а. Хьалхо цу меттехь талламан операци дIахьош бара Iедалан ницкъаш, Гератера Кандагаре боьдучу новкъахь тIелетарш алсамдовлар бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG