ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Нохчийоьнан дог» юкъарадаьлла къовсадаларна


Уггаре а маьIне а, тоьлла а гIишло къастош Оьрсийчохь дIахьочу къовсадаларехь дакъалоцуш дара Соьлж-ГIалара коьрта «Нохчийоьнан дог» олуш долу маьждиг. Иза баккъалла а Оьрсийчоьнан коьрта симбол хила мега бохучух тешаш бара республикан Iедалан дай. Цу бахаьница берриг а шайн ницкъ тIе беллера цара Соьлж-ГIалара маьждиг толийта.

Амма ПIераскан дийнахь Кадыров Рамзана дIахьедар дина, Соьлж-ГIалара маьждиг цу къовсамана юкъарадоккху шаьш аьлла. Цо дийцарехь, цуьнан бахьана ду цуьнгахьа тесна кхаьжнаш лаьрра ца хилар. Кадыровс дийцарехь, эзарнаш Нохчийчура бахархой латкъамаш бан дагахь бу суьдашка, шаьш язбинчу, амма тергал а ца беш битинчу СМС хаамех делла долу ахча юха схьадоьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG