ТIекхочийла долу линкаш

Зарратан программа бахьана долуш ахчанца алссам эшам хуьлуш ю ГIажарийчоь


Зарратан программа бахьана долуш ГIажарийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкциш хиларна ТехIране дIацакхочуш дуьсуш ду миллиардаш долларш аьлла хаам бина Associated Press агенталло. Цо яздарехь, и ахча охьадуьллуш ду кхечу пачхьалкхашкахь йолчу банкашка. Ткъа ГIажарийчоьнан Iедалийн аьтто бац цу ахчанах пайда эца.

Вашингтоно далочу терахьашца, ТехIранца йохка-эцар лелор дихкина хилар бахьана долуш, хIора баттахь цхьа миллиард ах миллиард доллар ахча даккха йиш йоцуш юьсуш ю ГIажарийчоь. Иштта мехкадаьтта дохка йиш ца хиларна, кху тIаьхьарчу масийтта баттахь ГIажарийчоьнан хазне ца кхочуш дисина кхо миллиард ах миллиард доллар.

Iамеркана а, Малхбалерчу пачхьалкхашна а хетарехь, ГIажарийчоь зарратан герз дан гIерташ ю. ТехIрано иза бакъ дац бохуш чIагIдо.
XS
SM
MD
LG