ТIекхочийла долу линкаш

Референдумехь къастор ю Украино шен кхане


Украина Евробертана, я Таможнин бертана юкъаяхарх лаьцна долу хаттар референдуме дуьллур ду шаьш аьлла дIахьедар дина меттигерчу телеканалашна интервью леш цу мехкан президенто Янукович Виктора. Амма цунна цкъачунна ца хаа билггал и референдум маца хир ю.

Кху шеран Лахьан-баттахь Украина дагахь ю Евробертаца ассоциаци ярх а, маьрша йохка-эцаран зона кхолларх а лаьцна барт бан. Цу планшна реза яц Кремл. Евробертан векалша масийттоза дIахьедар динера, Украино харжам бан беза Евробертана а, Таможнийн бертана а юкъахь аьлла.

Кху деношкахь Украинан премьер-министро Азаров Николайс хаам бира, Оьрсийчоьнан а, Беларусин а, Казахстанан а Таможнин бертан юкъахь долчу цхьадолчу хIуманашна реза хила мегаш ду шаьш аьлла.
XS
SM
MD
LG