ТIекхочийла долу линкаш

Мигранташца къийсам латто дагахь ву Навальный


Ша Москох куьйгалхо хIоттахь, цу гIалахь болчу мигрантийн терахь 70 процентана лахдийр ду ша аьлла дIахьедар дина цу гIалин мэран харжамашкахь дакъалоцуш волчу Навальный Алексейс. «Дождь» телеканалан хьажархочо деллачу хаттарна жоп луш, цо элира, Юккъерчу Азера а, Къилба Кавказера а пачхьалкхашца визийн раж юкъаяккхаран агIонча ву ша аьлла.

Цо иштта дIахьедар дира, муниципалан ахчанах болх беш йолчу кампанишна доьхкур ду ша кхечу пачхьалкхашкара нах балха эца аьлла. Хьалхо хаам бинера «Дождь» телеканалан сайтана тIелатар дина хакерш аьлла. И бахьана долуш юкъахяьллера Москох мэран харжамашкахь дакъалоцуш болчу кандидаташа дакъалоцуш йолу программа.
XS
SM
MD
LG