ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан президент хIотта дагахь ву боксер Кличко


2015-чу шарахь хир болчу Украинан президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ву цу махкарчу оппозицин лидерех цхьаъ волу, уггаре а безачу боксерашна юкъахь дуьненан чемпион волу Кличко Виталий. Цуьнах лаьцна Кличкос хаам бина ББС-на ша еллачу интервьюхь.

42 шо долу Кличко Виталий Украинан Лаккхарчу Радан депутат ву. Цо куьйгалла деш ю «Удар» - «Украинан демократин реформашкахьара йолу аьлянс»- цIе йолу парти а. Шен Iалашо Украинех кхузаманахьлера Европера пачхьалкх яр ю бах Кличко Виталийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG