ТIекхочийла долу линкаш

Ялх стаг вийна ОвхIанистанехь


Мел лаххара а 6 стаг вийна ОвхIанистанехь Кандагар-гIалахь Iожалхочо эккхийтар а дина. 20 гергга стаг лазийна ву. Меттигерчу Iедалша бинчу хаамца, байинчарна юкхаь ву полицин белхахо а, гIаролхо а, 4 маьрша вахархо а. Iожалхочо шен дегIаца йолу бомба эккхийтина «Кабул Банкана» хьалха.

Цкъачунна и тIелатар шена тIе ца эцна цхьана а политикан тобано. Амма Iедалшна хетарехь, эккхийтар динарш тIалибашца боьзна болу меттигера тIемалой хила мега.
XS
SM
MD
LG