ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь операци дIаяхьа сацам бина Обама Барака



  • Шоьтан дийнахь КIайн ЦIийнехь вист хуьулш Обамас дIахьедар дира, Шеман режиман тIеман объекташна дуьхал тIеман акци дIаяхьа дагахь ву ша аьлла. Цо дийцарехь, и акци "яхлур а яц, дукха шуьйра а хира яц", иза жоп хира ду маьрша бахархошна дуьхьал Шеман эскарша дIаьвше герз лелорна. "Цу кхерамна дуьхьало ян еза",- элира Iамеркан президенто, и сацам ша Iамеркан кхерамазаллина дуьхьа тIеэцна хилар билгал а доккхуш.

  • Обамас Конгессаца дагавала сацам бар реза хиларца тIеэцна Конгрессан шина а чоьнан гIантдайша. Карарчу хенахь конгрессменаш цхьа ойла йолуш бац цу хаттарехь. Цкъачунна хууш дац хIун дийра ду Обамас нагахь Конгресс Iамеркан эскаршка Шемахь тIеман операци дIаяхьийта реза ца хилахь.
XS
SM
MD
LG