ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно ца хададо шен Асадца долу гергарло



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министраллин шен хьажам бу, Шемарчу Ιедало махкахь латточу тΙамна аьтто беш, химин герз юкъадаьккхина, аьлла, Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа динчу дΙахьедаре. Москох дуьненаюкъара дипломати хьоьхучу институтан дешархошна хьалха къамел деш, Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс дΙахьедина, Асадан эскарша химин герзаш лелхийтина бохуш, Ингалсено а, Францино а, Ιамерко а даладен тоьшаллаш шеко юьтуш ду, аьлла.

Демаьшкана йисттехь, 1400 стаг а вуьйш, бахначу беттан 21-чу дийнахь Асад Башаран эскарша химин герзаш кхийсина хилар бакъ ду, элира Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака шоьтан дийнахь.

Оццу дийнахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дΙакхайкхийра, Вашингтоно шен претензеш Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организаце кхачон деза, аьлла.
XS
SM
MD
LG