ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел Ангеле ларам ца байна немцойн




Германехь кху беттан 22-чу дийнахь хинболчу бундестаган харжамашкахь шен парти толахь, юха а канцлер хΙотта дагахь йолчу Меркела Ангелин теледебаташ хилира кΙиран сарахь коьртачу къовсамхочуьнца социал-демократца Штайнбрюк Пеерца.

Тергамхоша бахарехь, 1,5 сохьтехь хиллачу къамелехь къаста ца велла толамхо. Меркел шен позици хьалха а санна Евробарт чΙагбарехьа юйла гайтира. Шина а кандидата Шемарчу тΙама юкъагΙерта гΙуллакх дац бохура немцойн эскарийн.

Нахана хетарг толлучу социологаша тоьшалла дарехь, Меркел коьртехь йолчу керста-демократин партигахьа бу Германехь бинчу хаттаман дукхахболу декъашхой – 40 процент, Штайнбрюкехьа – 20 процент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG