ТIекхочийла долу линкаш

Керимов Сулейман кхеле ийзаво Белорусино




Белоруссин Ιедало бехк-такхаман гΙуллакх айдина вевзаш волчу Дагестанерчу совдегарна Керимов Сулейманна дуьхьал. Иза бехке во цигарчу кхерамзаллин урхаллаша, цо шайн махкахь бизнес лелош, мехкан маьΙданаш харцонца доладерзорна.

«Уралкалий» олучу концернан дайшлахь волчу Керимовна Белоруссин низамо лаххара 10 шо кхачадо набахтехь даккха, боху цигарчу талламчаша, шаьш Интерполе и лахар доьхуш дахьийтинчу дΙахьедарехь.

Оьрсийчоьнан куьйгалхойн го шеконца хьоьжу Белоруссино гΙаттийначу девне, амма Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс бахарехь, Оьрсийчоьно зуьйр ду Керимовгара даьлла бохург.
XS
SM
MD
LG