ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемина муьлха таΙзар дан догΙу, ойла йо Малхбалено



Бахначу баттахь Демаьшкахь химин герз тоьхнарг Шемарчу Ιедалан ницкъаш болчух тера ду, боху Францино. Цигарчу къайлахчу сервисна хетарехь, 281 стаг велла оцу герзах Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь. Вашингтонехь сенатора Маккейн Джона журналисташца къамел деш, президентна Обамин Конгресс тешшош аргументаш гайта езар ю, Шеманна тохар дан доладале, элира. Ткъа иза, Маккейнна хетарехь, эшаме а дер ду шена президентна.

Оцу юкъанна Шемин президента Асад Башара юха а дацаредина шен агΙоно химин герзах пайда эцна бохург, хаам бина оршотдийнахь францойн «Ля Фигаро» газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG