ТIекхочийла долу линкаш

Рафсанжанис яьстина Шемара химин къайле



ГΙажарийчохь президент Ιийначу Рафсанжани Акбара Шемин Ιедал химин герз юкъадаккхарна бехкедеш видеогайтам нахала баьлла интернетехула. Оцу тΙехь цо боху: «Шен нах хΙаллакбеш ю химица Шема-пачхьалкх, цунна хΙинца Ιамеркан бомбанех лечкъа бен ца дуьсу». Гайтам баржийна ТехΙеранехь арадолучу «Къинхьегам»-газето, цо иза тΙаьхьо дΙабаьккхина шен сайта тΙера.

ГΙажаройн дипломаташа даржийна, Рафсанжанин къамел лач а даьккхина, даржийнера газето, аьлла. Оцу мехкан официало, хьалха а санна, химин герз юкъадаккхарна бехкебо Шемара гΙаттамхой.
XS
SM
MD
LG