ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайн хьаькам верна бехкево Дарсиев Артур



Деношкахь МаьлгΙбекна гергахь ГΙалгΙайн Кхерамзаллин Кхеташонан секретар Котиев Ахьмад а, цуьнан машен лелорхо а вийначу кхааннах цхьаъ схьакарийна Нохчийчохь, аьлла, хаам баржийна Соьлж-ГΙаларчу Ιедало. Хьалха-Мартанан къоштахь лаьцнарг ву Долсаев Артур. Цо схьадийцина тΙелатарх дерг дерриге а, боху Нохчийчоьнан чоьхьарчу гΙуллакхийн министралло.

Ткъа гергарчара чΙагΙдарехь, етташ дайтина Долсаевга доцу дареш.
XS
SM
MD
LG