ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетах бохуш бу нохчий



Нохчийчоьнан прокуратура кΙошташ декхаре йина кегийрхошна интернете кхочу некъаш, луьттуш, гатбан. Деношкахь прокуратурано бинчу талламашца, цунна гучудаьлла Майртуьпахь, БΙаьчи-Юьртахь, Цоцин-Эвлахь, Куьршалой-Эвлахь къона бахархой, прокурорийн дашца аьлча, «экстремизмаллечу» материалашка хьоьжуш хилар.

Куьршалой-кΙоштан прокурор Махмудов Муса ву и сакхташ Ιора а даьхна, лакхарчу хьакамашка хаам бинарг. Кегийрхой маьршша интернетна тΙекхочуьйтуш хиларна таΙзарш дина цΙеяьхначу ярташкарчу школийн куьйгалхошна. Хаам баржийнарг ю Нохчийчоьнан прокуратуран пресс-гΙоьнчалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG