ТIекхочийла долу линкаш

Асадца долу шен гергарло хадон тарло Путина



Нагахь санна Шемин Ιедало Демаьшканна тΙе химин герз тоьхна бохург бакъ хилахь, Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн организацин резолюцина тΙетан а тарло Москох, дΙахьедина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Петарбухахь хила деза Жи-20 цхьаьанакхетар тΙекхочуш ша Ассошиэйтед Прессна интервью луш элира цо иза, Малхбале шеггара Шемина тΙелатахь иза харцо хир ю, аьлла, тΙе а тухуш.

Путин къера хилира, Оьрсийчоьно Шемина ракеташна дуьхьало ен гΙирс боьхкинера, амма тΙаьхьо кхочушдечуьра сацийра и контракт, аьлла.

Ιамеркан президент Петарбухарчу саммите охьахаале шеца Москох цхьаьнакхета реза цахилар шена новкъадеанийла а хаийтира Путина. Делахь а, Шемех дозу а, кхидолу а къамелаш хир ду бохучух теша ша, элира цо.
XS
SM
MD
LG