ТIекхочийла долу линкаш

Диктаторшна локхучу эшаршна ахча ца кхоадо


Канье Вест шен хIусамненаца Кардашян Кимца, Калифорни, 12Стиг2012

Канье Вест шен хIусамненаца Кардашян Кимца, Калифорни, 12Стиг2012

Вест Каниена дикка ахча делла боху, Казахстанан президентан Назарбаев Нурсултанан йоьIан кIантана зуда ялош, Алматахь хIоттийначу ловзаргехь эшарш лакхарна.

РогIера Шоьтан буса ярий иза Алматахь? Казахстанан президентан Назарбаев Нурсултанан йоьIан кIантана зуда ялочехь, Алматахь яккхий харжаш еш хIоттийначу ловзаргехь эшарш лекхира Вест Каниес.

Алматан вукху кIоштахь Казахстанехь вевзаш волчу йишлакхархочуьн Нуртас Кайратан концерт яра.

Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Royal Tulip цIе лелочу, пхи седа болчу хьешан хIусамехь Назарбаевн йоьIан кIанта Боранбаева Алима ялош хIоттийначу ловзаргехь Веста Каниес эшарш локхуш хилар гIараделира, хьешаша инстаграммехь а, ютюба тIехь а шаьш даьхна сурташ а, видеош а ехкича.

http://www.youtube.com/watch?v=m9xn8LSyYZM




ТIечIагIдина доцчу хьостийн хьесапехь, $3 миллион доллар ахча делла, Назарбаевс 1991-чу шарахь дуьйна урхалла дечу, маьхкадаьттанах йоьттина йолчу Казахстанехь масех эшар лакхарна.



Амма, оццу буса мелла а мадаре дIаяьхьначу концертехь къепедацарш лилхира, казахийн поп-седано Нуртас Кайрата цкъа делахь, тIаьхьа концерте а веана, цхьа йиш лекхначул тIаьхьа, концерт хиллачул тIаьхьа.

http://www.rferl.org/content/concert-kazakhstan-violence-/25092356.html

Казахстанан уггар йоккхачу гIалин мэро сиха вовшахтоьхна цхьанакхетар дIадаьхьира, йохка-эцаран центрехь хиллачунна лерина. 165 стаг лаьцнера полицино, къепедацаршна бехке ву аьлла. Нуртас Кайратан концерт юкъахъяккхарна эргIадбаханчу наха тIулгаш, шуьшанаш кхиссинера сцени тIе. Цул тIаьхьа, йохка-эцаран центрехь дIахIиттийна хилла машенаш йохийра. Алматан прокуроран зорбан-сервисо бинчу хаамца, концерт юкъахъяккхаран бахьана дара, иза вовшахтоьхначера дIаяхьа бакъо хилла ца хилар.

И ши хIума цхьа а уьйр йолуш дац. Амма хетало, 2012-чу шарахь арахецначу видеоклипана тIехь Веста цунах лаьцна хуучуха дицина аьлла.

"No Church in the Wild" «Акха аренгахь килса оьшуш яц» цIарца, Джей-Зица арахецначу видео тIехь http://www.youtube.com/watch?v=FJt7gNi3Nr4 Веста дуьйцу, шена ахча мел чIогIа хьашт ду бохучух. Ур-атталла, еххачу хенахь адамийн бакъонаш эшийначу я кхаьънаш оьцучу лидерера иза делахь а.

«Вай деллачул тIаьхьа ахча вайга ахча дахьалур дац. Амма вай иза ша дерриг дойур ду, хIунда аьлча, лазам бораха бац».

И дешнаш, http://rapgenius.com/Kanye-west-no-church-in-the-wild-lyrics протесташка арадевллачарна а, полицина а юкъахь болчу Iоттабаккхаман а, инзаре доккхачу пиллан а сурта тIехь ду.

(КIайн пилла шоьтан дийнахь хIоттийначу тевне далийна хилла хиларх лаьцна цхьа а хаам бац. Шортта ахча долчара ловзаргашка уьш далош меттигаш хуьлу. КIайн пилла чIогIа деза ду, амма цуьнан мах а, иза кхабарх йолу харж а, цунах болу пайда а чIогIа къаьсташ хIуманаш ду.)

Керла доьзал кхоьллинччеран инзаре доккха сурт, хетарехь, ур атталла, президентан Ак Орда гIалин тIе тоха а доккха хета.

http://www.flickr.com/photos/kseniyafree/3817127054/




Ловзаргехь хилла хьаша Нематова Шынара цхьа моггIа сурташ даьхна, Кардашьян Кимца Iаш волчу Вестаца.









Ши шо хьалха Британерчу рок-седано Стинга шен Казахстанехь дIаяхьа кечъйина концерт юхаяьккхира, Жанаозенехь дуьхьалонан митингашкахь лаьттинчу, маьхкадаьттан индустрин белхахошна гIортор еш. 5 бутт тIаьхьа, полицино царна тIе герзаш диттина, 16 стаг велира.
XS
SM
MD
LG