ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь тIом бечу кавказхоша шаьш Ал-Кхайдица дац боху


Шемахь тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера тIемалоша дIакхайкхийна, шаьш Ал-Кхайдех хьакхаеллачу гIаттамхойн тобанех дIа а къаьстина, шайн йозуш йоцу батальон кхоьллина шаьш, аьлла. Шена «Шемера Кавказхойн МуджахIидаш» цIе тиллинчу тобано ша Иракъера Бусулба пачхьалкх олучу организацех а, Левантах а дIакъастар кхайкхош йолу видео социалан машане яьккхина Гезгмашин-беттан 3-чу дийнахь. Хаамийн агенталлийн цкъачунна аьтто ца баьлла видео бакъ ю-яц къастон. (Reuters)

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG