ТIекхочийла долу линкаш

Харжамаш герза кΙел эцна Нохчийчохь



Нохчийчохь кΙирандийнахь хинболчу парламентан харжамашна чΙагΙоеш, дийнахь-буса ларъеш ю полицино харжамийн каппаш. ХΙара бутт болалуш дуьйна а бу мехкан ницкъаш герзе балийна латтош.

Полицин виъ эзар белхахочо ларъеш ю 4 бΙе ах бΙе гергга куп. Ломан къошташкахь эскарш а тΙехь ду къепе латтош. Харжамийн дийнахь минанаш лаха арабохур бу бΙеннаш сапераш. Иштта хаам бо мехкан полицино.

17 парти ю 40 депутатан меттиг къовсуш. Юьртдай а хоржур бу оцу дийнахь Жалкхехь, Чуьри-Эвлахь, ЭгΙаштахь, Жимчу АтагΙахь.
XS
SM
MD
LG