ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемех йолу ойланаш галморзахъевлла саммитехь



Жи-20 саммите баьхкинчу мехкийн дайн еарийн сарахь, шаьш цхьаьна пхьор деш, Шемахь химин герз тохар хьехош, барт ца хилла Асад Башарна дан догΙу таΙзар къастон.

Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака Шемарчу Ιедална тΙеман тохар даре кхойкху пачхьалкхаш, оцу Ιедало кхо кΙира хьалха Демаьшкахь химин герзаш а тоьхна, цхьа эзар ах эзар гергга адам дерна.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин пурба доцуш Шеманна тохар дар агрессин акт лара дезар ду, элира саммитехь оьрсийн президента Путин Владимира.

Ιамеркан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацерчу векала Пауэр Самантас Оьрсийчоь бехке йира еарий дийнахь, цо дуьненна Шемара кризис ерзорехь новкъарло еш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG