ТIекхочийла долу линкаш

Вазирстанехь тΙалибийн лидер вийна Ιамеркан дронаша



ПΙераскан Ιуьйранна Ιамеркан доларчу шаьш лелачу кеманаша - дронаша – Пакистанерчу Вазирстанехь тохар а дина, ал-Кхаидан зΙенера 6 стаг вийна, шайлахь церан хьалханча а волуш, хаам бо Маршо Радион Пакистанерчу Машаал-сервисо. Хаккани олучу тобан лидер Сангин-молла ву ОвхΙанистанан дозанехь байъинчаьрца.

Ши шо дара Цхьаьнатоьхначу Штаташа молла Сангин, террорхойн тобан тептар тΙе а язвина, лоьхуш волу. Цунна бехкедора нах идор а, ОвхΙанистанерчу тΙалибийн могΙарш дузу нах цо лехьор а. Исламабадо шайн мехкан суренитет йохор ду кеманашца дина тΙелатар, аьлла, бехк биллина Ιамеркахошна.
XS
SM
MD
LG