ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 тΙалиб набахтера мукъаваьккхина Пакистано



ОвхΙанистанца машар лохуш, ша тΙалибийн ворхΙ лидер лаьцна кхобучуьра мукъавоккху, аьлла, даржийна Пакистанан Ιедало. Арахоьцуш болучийн цΙерш а яьхна Пакистанан арахьарчу гΙуллакхийн министралло. Стохка а мукъаваьккхира Исламабадо набахтешкара 25 тΙалиб. Иза нисделира шина мехкан президенташ Пакистанан шахьарахь машар бийца цхьанакхеттачул тΙаьхьа.

Карзай Хьамида, ОвхΙанистанан президента, тΙаьххьарчу хенахь дукхазза а гайтина ша тΙалибашца юкъаметтигаш тоян гΙертийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG