ТIекхочийла долу линкаш

Путин: Турпала нах бу нохчий



Петарбухара Джи-20 саммит йоьрзуш Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира цхьана нохчийн журналиста деллачу хаттарна жоп луш хастийра цуьнан къам. «Нохчаша а, гΙалгΙаша а жигара дакъалаьцна Оьрсийчоьно фашистийн Германи эшочу тΙамехь. Шайн амалца турпала нах бу нохчий... Соьлж-ГΙалина «ТΙеман Сийлаллин ГΙала» цΙе тиллар доьхур ду ас накъосташка», элира Путина.

Бакъду, цигахь хьаха цаделира Путин Владимир президент Ιачу юкъанна Нохчийчохь оьрсийн эскарша бинчу тΙемаша иттанаш эзарний дахар хΙаллакдина а, хьашна а хилар.
XS
SM
MD
LG